НОХЧИЙН-Г1АЛГ1АЙН КЪОМАН ТОПОНИМИ

29.11.2022
Айдамиров Абузаран ц1арах йолчу Нохчийн Республикин библиотекехь, лахьанан беттан 25 дийнахь нохчийн поэт, прозаик, 1илманча, иллиалархо,мохкталлархо,этнограф, хьехархо "Нохчийн-г1алг1айн кьоман топоними" белхан автор Сулейманов Ахьмад вина 100 шо кхачарна леринчу мероприяти кхечира Соьлжа-Г1алин номер 48 йолчу ишколан 8-чу классера дешархой. Дешархошна бевзира шаьш урокашкахь 1амийна йаздархой, 1илманчаш, иллиалархо Исмаилов Шарпудди. Ч1ог1а пайде хилира цига кхачар. Йаздархоша а, библиотекин белхалоша баркалла а элира дешархошна дахкарна.